Беседа на тему: «Беза, бовза хьайн ненан мотт»
В целях исполнения Указа главы Чеченской Республики Р.А.Кадырова от 28 ноября 2022 года №245 «Об объявлении 2023 года в Чеченской Республики годом чеченского языка». Согласно Плану мероприятий по сохранению, развитию и популяризации чеченского языка, культуры и традиций чеченского народа в кружках технической направленности Курчалоевского ЦДТ, проведены беседы на тему: «Беза, бовза хьайн ненан мотт».
Педагоги рассказали обучающимся, что - шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана къаьмнаша шайн башхалла, вуьшта аьлча шайн-шайн ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Цунна масалш а дуьне-нахь бIеннаш ду.
Дала нохчийн къомана белларг нохчийн мотт бу. Iилмано чIагIдарехь, дуьненан ширчу меттанех цхьаъ бу иза. Вайн мотт хьал долуш хиларх, цуьнан исбаьхьаллех цецбийлина гоьбевлла оьрсийн яздархой, Iилманчаш. Иштта, дуьненна а вевзачу оьрсийн воккхачу яздархочо Л.Н.Толстойс яздина: «Нохчийн мотт уггар хазачу а, хьал долчу а меттанех цхьаъ бу, нагахь кхоччуш дика иза хууш хьо велахь».
Обучающиеся с удовольствием слушали и отвечали на вопросы, беседы прошли плодотворно и познавательно.
Ответственность за проведение бесед возложена на методиста Джамуханова.А.Д.